ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровхой а, Москвахь блогер лачкъор а


Кадыровхой
Кадыровхой

Кху беттан 3-чу дийнахь Ярославан вокзалехь суьйранна лачкъийна, "Мерседес" машенан багажник чу кхоьсина совдегар Щепихин Арег маьрша ву аьлла, хаамбина "База", "112" телеграм-каналаша. "Базин" хаамашца нохчийн ницкъахоша дIахецна Щепихин Внуково кIоштахь буьйса йуккъе йахначу заманчохь. "ВЧК-ОГПУ" канало йаздо, "Кремлера а, ФСБ-н директоран хьалхарчу гIовсера Королев Сергейра а хабар кхаьчна дIахецна блогер. Йозуш йоцчу хьасташкара хIара хаам кхин тIечIагIбина бац. Щепихина хIинцале а дийцина, шех хиллачух лаьцна.

ЧIагIдо, Щепихин Арег лачкъийна вигинчул тIаьхьа "Филатов луг" олучу метрон кIоштара кафехь иза латтийна хилла бохуш. Цунна йиттина, нохчийн а бусалба нах а йемал беш динчу къамелашна къинтIера довлар доьхуш видео а дIайазйайтина. Карарачу хенахь Щепихин Москвара цхьана хостелехь ву бохуш, чIагIдо "Базин" хьасташа. Официалехь кхин и бакъдеш йаздина хIума дац. Иштта дийцина Щепихина "Базе":

Ас нохчашна а дена диттина, бусалба нахана а дена диттина, цундела лачкъийнера со

– Суьйранна 8-9 сахьт даьллачу хенахь со Ярославан вокзалера лачкъийра нохчаша. Москван а, Москван кIоштан а дозана тIехь церан бакъо йацара оцу кепара хIума дан, уьш Нохчийчуьра къайлахчу сервисашкара хиллехь а.

Харц лоьмарш, харц мигалкаш йехкина, цабашарца лецира. Цул хьалха сан ка йелира. Дов доладелча, аса полици телефон туьйхира, катоххий схьадуьйла аьлла. Вокзалехь а тоьхна шайн цхьа куп хила йезара церан. Цхьацца стаг хилла а оцу меттигашкахь хила везара. Царех цхьа а вацара. Полици тIекхача ца ларийра, и нах суна царел а хьалха тIекхечира. Боьха ка тоьхна, гIаличуьра араваьккхира со. Дукха тIех ницкъ ца бира суна, амма хеттарш дукхох дира. Суна ца тайнера, сан хIусамнана а, да-нана а деха меттиг уьш хаа гIертар. Украинаца зIенаш йуй а, оппозицица со воьзна вуй хаа а хьийзара. Цхьа шо ма дара цара со социалан машанашкахь цара бале лаьцна. Оцу доллучунна а са тоьхна Iаш вара со. Наха бохура соь, хьо ишта са а детташ, Iийр волуш ву, хьайга хIуъа дийцарх а. Суна и ца тайра. ТIаккха аса нохчашна дена диттира, бусалба нахана дена диттира, цул тIаьхьа меттахбевллера уьш.

Хьалхо хаамбора, эрмалойн совдегар, блогер Щепихин Арег лачкъийна Москва йуккъехь, Ярославан вокзала хьалха бохуш. ТIехбуьйлучу нахе орца доьхуш, полици кхайкха бохуш, мохь бетта адам масех стага машенан багажник чу а тоьхна, мигалкаш летош, дIадигира. Машанехь йаржийначу видео тIехь гуш ду, нахана йуккъехула хадархой уллохь а болуш, дIавуьгуш стаг.

ТIаьхьо Москвара полицира дIахийцира ялх нохчо, хетарехь, уьш хилла Щепихин лачкъийнарш. Аша стаг стенна лачкъийнера аьлла, шайга хаттар дича, "Ахмат сила" аьлла, жоп делла, мигалкашца йолчу Мерседеса а хевшина, дIабаханера уьш. Цхьахйолчу версица, и лачкъийнарш хила тарло Росгвардин эскархой, Нохчийчоьнан урхалхочунна уллора нах.

Къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан а, информацин а министро Дудаев Ахьмада йаздира Щепихин лачкъорах лаьцна шен телеграмехь:

"Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло болийна таллам бу А. Шепихина делах тешачийн дог-ойла сийсазйеш, къоман а, динан а билгалонца массарна а гуш-хезаш къамелаш дарца доьзна. Зуламхочо Щепихин Арега массарна а хозуьйтуш масийттаза нацизме а, кегий къаьмнаш хIаллакдан деза бохуш, кхайкхамаш бина, Дела а, дин а аьшнашдеш, ишта цо къедийна шен экстремистийн хьежамаш, дIахьедора кегий бераш хьийзон деза бохуш. И стаг лачкъийна вац, лаьцна ву, Москвара профилан хьукматашца цхьаьна болх бечу бакъоларйаран органийн белхахоша".

Хьалхо хаамбира, Щепихин – эрмалойх схьаваьлла совдегар а, блогер а ву, социалан машанашкахь билгалдаьккхина ма-хиллара, иза болх беш ву жима а, йоккха а бизнес кхиочу федералан корпорацихь (АО "Корпорация "МСП"). Тоххара шен инстаграмера агIонехь роликаш хIиттайора цо нохчий а, бусалба дин а сийсаздеш. Цул тIаьхьа нохчийн блогерша тIедожийнера иза лахар. Шинарин дийнахь нохчийн гоьваьллачу блогеро Макалов Сахьаба видео хIоттийнера Щепихин Арега нохчех лаьцна боьха къамелаш деш, тIаьхьо иза лачкъочу хенахь йаьккхина видео а йаржийра цо шен аккаунтехь.

Кадыров Рамзанан рожана луьйш волчу блогерна Абдурахманов Тумсона хетарехь, Щепихин лачкъорна бехке хила тарло Кадыровн уллорчу бIанакъостех цхьаъ – Делимханов Адам.

Дуьйцура Щепихин лачкъочу хенахь мигалка а, "А266МР 97" лоьмар йолчу "Мерседес" чу тоьхнера иза бохуш. SOTA гIирсан хаамашца, и лоьмар йу Федералан хадархойн сервисан (ФСО) "долахь". ТIаьхьо машен полисхоша сацийнера, Ярославан вокзале йухавигинера иза талламан барамаш дIабахьа Iалашонца. Полицихь дIахьедина, хиллачун хьокъехь таллам болийна аьлла.

Кавказ.Реалии сайто хаамбо, и лачкъийначийн "Мерседес" хуьлу Эльдарбиев Сайд-Ахмадан машенна кест-кеста улло йаьлла, иза дIасавоьдуш. "База" телеграм-канало йаздо, и стаг Кадыровн гонера ву бохуш, и цуьнан гIоьнча а лору цара. Ишта ву боху Нохчийчоьнан урхалхочун шичин, цуьнан администрацин куьйгалхочун хьалхара гIовс хиллачу Ибрагимов Турпал-Iелин уллорчу нахах цхьаъ. Стохка товбеца-баттера схьа дуьйна Шела-кIоштан администарцин куьйгалхо ву иза.

Нохчийн Iер-дахарна луьйш хилла стаг Москва йуккъехь лачкъорах лаьцна дуьйцу нохчийн диаспоран векало, Москвара университетан хьехархочо:

Рамзанна гергахь ша дIагайта оьшура Делимхановна, кеста цу шиннан йукъахь хIиттон посташ гучуйовла тарло вайна

– Москва йуккъехь цхьана а хIуманах кхера а ца кхоьруш стаг хIунда лачкъийна бохучу хаттарна жоп лур дац аса. Кремлан пенашна хьалха вийра Немцов Борис, Москва йуккъехь байъира Кадыровн оппоненташ. Блогерх лаьцна хIун эр дара? Нохчех лаьцна ша аьллачунна цо гечдар дехахь, иза дийна вуьсур ву, Делан къинхетам бу иза а. Кавказхошна луьйш, уьш сийсазбеш болу нах кIезиг бу интернетехь? ХIоранна а иштта тIаьхьа а дуьйлуш, уьш леца беза? Ледара хIума ду иза, цуьнан шеко йац. ХIун аьллера, хIун динера сил беса оцу бизнесхочо Щепихина? ХIара ду аьлла, цхьа а хIума аьлла дац цо. Iедалхошкахьа волчу цхьана нохчийн блогеран тидам хилла цунах, тIаккха шен социалан капитал лакхайаккха ойла хилла цуьнан. ТIаккха бIаьрг тIехIоьттина цунна Делимхановна уллохь болчеран а.

Нохчий йа бусалбанаш Iалашбар, цаьргахьа гIодаккхар – дика карта ду, Кадыровс ша а масийттаза пайдаэцна цунах. Хьовсийша, социалан машанашкахь реза болуш комментареш муха йазйо. Нах духе кхиа гIертар бац, оцу спектаклан бакъйолу Iалашонаш а хуийла дац. Ткъа вайна, тарло, кеста Кадыровн а, Делимхановн а цхьана даьхна суьрташ хIиттош йазйина посташ. Нагахь санна, оцу кепара пиар-акци хIотторна Кремлехь болчара бехк ца баккхахь со цунах шек ву, - бохура Москвара нохчийн диаспорин векало.

Щепихин лачкъорах лаьцна Кавказ.Реалиига дийцира нохчийн оппозицин Niyso боламан векало Дишни Ансара:

ФСБ-н контролехь дIайаьхьна рогIера акци йу хIара, ишта Нохчийчуьра Кадыровн рожана пиар йен гIирс а

– Гучу суьртаца, хIара рогIера акци йу ФСБ-н Iунналлица а, цара магорца а дIайаьхьна, ишта Нохчийчуьра Кадыровн рожана пиар йен гIирс а бу. Ишта царна, гуттар а санна бахьана хIоьттина, цара цунах пайда а эцна. Иза лачкъочу нахана йукъахь хаавелла Делимханов Адаман хадархойх цхьаъ - цундела цхьа а шеко йац, и дайтинарг мила ву бохучух.

Цул совнах, хила тарлуш хIума ду, Шепихин "цIеххьана" Нохчийчохь нислур ву, цигахь рогIера спектакль хIоттор йу, Журавель Никитица а санна. Оцу кепара акцеш – шен-шен хенахь лело марзделла хIуманаш ду: резонансе гIуллакхаш досту ФСБ-но, шаьш тIехь латтош контроль йу аьлла, сурт хIоттош, меттигерчу бахархошна гергахь нохчийн марионетийн рожан "авторитет" ойбуш. Коьртаниг, билггал йолчу йаккхийчу проблемашна тIера Орсийчоьнан бахархойн бIаьрг а бодуьйтуш,- аьлла хета Дишни Ансарна.

Кадыров Рамзанна критика йен нах лечкъор, царна тIехь гIело латтор даьржина даьлла хIума ду. Iадат боламан зерашца, тIаьххьарчу деа шарчохь Нохчийчохь мел лахара а 3820 стаг лачкъийна, 21 вийна лоруш ву. Кадыровн рожана луьйш болу нах лоьцу доллу дуьненахь а, Нохчийчу балабо уьш, тIехь Iазапаш хьоьгуьйту, къурд олуьйту камерашна хьалха а хIиттабой, цул тIаьхьа царах хиларг хууш ца хуьлу.

  • Нохчийчоьнан Ӏедало йуха а дIадолийна цхьаъ бехке хеттехь, цуьнан цIийнах мел верг жоьпе озор. Карарчу хенахь ТIехьа-Мартанара некъан полисхойн постана тӀелатар динчул тӀаьхьа. Кадыров Рамзанна гергахь "бехке болчеран" гергарчарна таӀзар даран практика муха кхиъна а, тӀаьххьара гӀуллакх кхечарех муха къаьсташ ду а, дуьйцу кху материалехь.
  • Нохчийчохь, дешан маршо къевлинчу хьелашкахь Ӏедалшна а, оппозицин жигархошна а йукъахь дуьхь-дуьхьал хӀитта меттиг хилла дӀахӀоьттина социалан маша. Стохка шо доьрзуш Оьрсийчоьнан юстицин министралло "арахьарчу агентийн" тептар шордира, нохчийн блогерш Абдурахманов Тумсо а, Белокиев Ислам а, Халитов Хьасан а цу йукъа а тухуш. Мехкан куьйгалло шайн политикан дуьхьалончаша бен Ӏаткъам сацон гIертахь а, уьш кхиндӀа а гӀарабуьйлуш схьабогIу, шайн аудитори шорйеш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG